Дак1алоцушберш:
Жаннат – йокххах йолу йиша;
Амнат – жимах йолу иша;
Селима – Жаннатан йо1;
Бекист – шин йишин нана.
1 - г1а дакъа
Кхечу махка д1а а бахана, бехаш хилла цхьана ненан доьзал. Сингаттамо ч1ог1а к1елйитина хилла цхьа йиша.
Суьрташка а хьожуш г1ийла 1аш Жаннат ю, гена йоцуш ловзуш цуьнан йо1 Селима ю.
Чуйоьг1у Амнат:
- Жаннат, чохь дуй шу?
Жаннат:
- Дера ду-кх, Амнат.
Амнат:
- Де дика дойла!
Жаннат :
- Дала йоьзийла, Амнат.
Амнат:
- Могшалла муха ю хьан?
Жаннат:
- Дика ю, Амнат, алхьамдуллилах1.
Амнат :
- Хьо ма сингаттаме ю, сан йиша. Вай дика дехаш маду, вайна оьшуш х1умма а ма дац – хьажахь х1ара хаза г1аланаш, хаза меттигаш.
Жаннат:
- Иштта-м дара иза, делахь а вайн Даймахке кхочуш х1умма дан а дац: вайн хаза, лекха лаьмнаш, баьццара хьаннаш, шийла шовданаш, вайн дайша дитина хаза г1иллакхаш, вайн нохчийн маттахь дека зевне аьзнаш, цаьрца дуста х1умма дан а дац.
Амнат:
- Х1ун дийр ду т1аккха, вай вешан лаамца даьхкина ма ду кхуза.
Жаннат:
- Хьуна х1ун аьлла хета-м ца хаа суна, Амнат, амма со кхузахь дукха 1алур ю аьлла хеташ-м яц со. Сан сагатло вайн дена а, нанна а.
Вайн де, нена дагара хьалха ца хаара, ца кхетара цера ойланех, ткъа х1инца сайн доьзал кхиъча, х1инца ма дика кхета со царах.
Церан схьадаийтина суьрташка хьожуш 1аш вайн ненан б1аьргаша вай лоьхуш, вайга кхойкхуш санна хетало.
Амнат:
- Дера цуьнан ойла аса а йина. Цхьана дийнахь со схьайог1уш йолуш, цхьа зуда вайн ненах тар а елла, ехха цунна т1аьхьа хьоьжуш лаьттира со, б1аргах ша шех охьаоьху хиш ца сацалора.
Нана уллора д1аяьлча бен хуур дац цунца йолу марзо, нана ца хилча бо ву-кх хьо кху дуьненахь
Ма ч1ог1а мерза ю-кх и Нана.
Амнат:
- Ненах лаьцна эшар лакхий ас хьуна.
Эшар локху «Сан Нана»
Сан нана, хьо стенна ойлане йоьжна
Кийра хьан богу те г1алат соьх доьжна,
Реза еш со ц1ергахь яга ю кийча,
Дог а ду детталуш довхачу ц1ийца.
Хийла соьх г1алатло йоьжна а хир ю,
Б1аьргах хи даллал дог 1овжийна хир ду.
Делахь а, нана, соьх къинхетам белахь,
Дийлинчу г1алатин хьесап ма делахь.
Амма го хеназа къежбелла корта.
Халонаш дахарехь лайна ахь шорта.
Нана, хьа дикалла кхачаяц ийцарх,
Дешнашца лараяц безам хьоь бийца.
Шен нана йоьлхуш гича, ловзар а дитна, т1е йог1у жима Селима. Ненан юхь т1е куьйгаш хьокхуш, олу
Селима:
- Ма елха, нана, аса а йиций ненах лаьцна байт
Шен сил а мерзаниг,
Малхал а хазаниг,
Х1у хир ду дуьнен чохь
Хьол хьоме, нана!
Амнат:
- Вай дукха яха хьо, ма хаза, деза дешнаш ду уьш. Дера массарна а, ма еза шайн нана.
Жаннат:
- Диц ца ло суна, вай новкъа довлуш вайн ненан г1ийла т1аьхьахьежар.
Стихотворени «Хьай нана реза яй, валалахь новкъа …»
Хьай нана реза ей, валалахь хьо новкъа
И хьаьстий даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза
Делера пурбанца, кхаъ бохьуш бовха
Стиглара маликаш дуьссур ду хьо вовза
Мерзачу безамца,хьан б1аьргаш хьистинарг.
Хьоьгарчу лазаро, кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дуьллуш, шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг - дахарехь хьестийнарг,
Шен нана елхинарг – дахарехь эшийнарг,
Шен нена сий динарг – сийллале хоьттинарг
Вайн Дела вухьуна, тидам еш хилалахь.
Амнат:
- Доь1у са ду хьо, сан хьоме нана!
Жаннат:
- Тхан мерза кхача бу хьо, сан хьоме нана!
Амнат :
- Ма эрна арахь ду хьо йоцуш, нана!
Жаннат :
- Ма ч1ог1а хоьгу тхо хьох, нана!
Амнат:
- Х1ун лоьхуш лела вай кху махкахь, ирс а дайна?
Жаннат:
- Ирс карор ду Даймахке ц1адерзахь.
Бакъахь хир ду, кхи хан ца йоьлийтуш, ц1а даха г1айг1а бан беза. Кхи цхьа х1ума а ду, Амнат, вай кхузахь дукха хьелохь – вайн доьзалша мотт биц бийр бу, мотт бицбахь г1иллакхий, оьздангаллий д1а ер ю.
Амнат :
- Делахь вай ма хуьллу сихо йийр ю вай.
Дукха хан ялале уьш ц1абирзира.
2- г1а дакъа
Уьйт1ахь суьлха а доккхуш хиъна 1аш нана ю.
- Нана, нана - олий уьт1а бовлу ц1абаьхкинарш. Маракхета нанна.
Нана:
- Вай марша да шу! Ма дика ду-кх шу ц1адирзина! Некъаца хьовзам боцуш схьакхечан шу? Хьажахь мел йоккха хилла Селима, хьадоьл бабин к1орни.
Жаннат:
- Ва нана! Ма даккхийде тхо хьо могаш карийна.
Амнат:
-Баккхий хийцамаш а хилла вайн махкахь. Тхо хьадог1аш хьожуш 1ийра, сурт санна хазелла д1ахоьттина г1ала, ярташ. Х1уммаъ Европел оьшуш йоцуш. Паччахь дика хилар билгло ю иза.
Нана:
-Дера ше ма хууьллу воллуш-м ву иза. Вай х1ора а цунна накъостий хила деза, вайга далучун барамехь. Вайн махка дуьхьа, вай кбъома дуьхьа.
Жаннат:
- Сан хьоме со йина Нана, со кхиийна сан Даймохк, сан дайшкара схьадеана хаза г1иллакхаш, шух а яьлла лелалур яц со, шул деза дан а дац тхан.
Эшар «Даймохк».
Сан Даймохк, ден метта да ву хьо тхуна,
Ца хилча йиш йоцу нана ю хьо,
Мел дукха баркаллаш ас бахарх хьуна,
Доккхачу хьан декхарх доьвр дац тхо.
Дика, вон довзийтуш, 1ами ахь говза
Дахарна кхиадеш г1о ди ахь тха,
Х1ай сийлахь, сан Даймохк, бахалахь г1оза
Хьайгарчу дикане тхо кхачада.
1уьйренца б1арг тоьхча, хьа лекхчу лома
Лер сица лоьцу ас хьан зевне аз
Цунах сакъералой, дог долу т1ома
Йоккха еш са Даймохк хьа 1аламах, йоккха еш хьа 1аламах.
Селима:
Хьай адмаш, шайн ненан, Даймехкан сий делаш
Г1иллакхаш лар а деш, къоман сий айалаш.
Сценари
«Нене а, Даймахке а болчу безамах лаьцна»
Авторш: Арсанукаева Л.Б.
Дадаева Л.Ш.